арби мамакаев биография на чеченском
Открытый урок по чеченскому языку «Юбилей А МАмакаева»
«Кавказ, со хьан вара…»
Классал арахьара болх 8-чу классехь.
Хехархо: Бачикова И.В.
1алашо: Мамакаев 1арбин литературе йолу шовкъаш, цуьнан поэтически пох1ма, дахар,
кхолларалла довзийтар; Даймахках ойланаш, 1аламан, безаман лирика 1амор;
дешархойн поэзе, литературе болу безам кхиор, ч1аг1бар.
Г1ирс: суьрташ,цитаташ,рефераташ, книгаш.
Юккъера стаг ву со,
Хьан 1ин чохь кхиъна.
1амийнарг со нохчий беза,
Да- нана хила. (« Кавказе маршалла» ) 1958шо.
И 1уьйренаш хьайн елахь,
Могуш, парг1ат араволуш,
Варий, доттаг1, дийна волуш,
Хьайн ирс дац ма алалахь!
Нийсархойн безаман ахь пусар делахь:
Доттаг1ий боцург а цхьалха ву хьуна;
Доьзалан да хилча, берийн хам белахь:
Цхьа зама йог1ур ю,
Уьш оьшуш хьуна. (« Ва къонах» 1957шо).
Яздархо уггаре сийлахь ц1е ю,
«Адамийн синойн и инженер» ву –
Хьекъалца елла и хьоме ц1е ю,
Адамалла, нийсо а ларъеш и ву,
Нур дашо з1аьнаршца и вайна къиэга.
Кхийдадеш вайга шен тешаме дог,
Исбаьхьа поэзии – дахаран седа,
Бакъ ойла кхолларца олу цо дош.
Галваьлларг нисварца бакъоне верзош,
Емалъеш вон амал адамех къахкош,
Цакхетарг кхетавеш, нийсоне хьовзош,
Шен оьзда декхар, цо хьуьнарца лардо.
Генарчу г1амарийн халачу арахь,
Куьг кховдор дара цо, иза г1о ларахь,
Лур дара цо дарба, шен г1ора дисча.
Панарчу шелонехь стаг холчехь гича,
Шен дег1ан йовхо а цо д1алур яра;
Йовхоно вожавеш, легаш дакъийча,
Теркан бохь цо цунна сиха лур бара.
Муьлххачу халонна г1о оьшуш хилча,
Шен са а адамна цо кхоор дацара,
Цхьа меттиг нисъелла, кечвала дезча,
Мехкан сий лардан ницкъ цо кхоор бацара.
Шен ойла, синхаам дегнашка кхачош,
Дерриге жил1алам эшаре доккхуш,
Оьздалла, тешам, яхь, мехкан сий дахчош,
Хилла и, дегнашкахь хир ву и вехаш.
Хьехархо: Стаг дахар кхача а делла, шен бакъдуьнене вирзинехь а йовш яц цуьнан ц1е, нагахь цо шен дахарехь йитина сирла лар елахь. Ишттаниш адамийн дегнашкахь беха дуккха а шерашкахь. Цхьаволчо шен хьуьнарш доьналлица гойту, вукхо хьекъалца, кхоалг1ачо дашца…
Поэзехь уггаре а коьрта берг поэтан кхоллам бу- талламаш ца оьшуш бакъдерг ду иза. Иза дукха хьолахь биографин терахьашна юккъе ца тарлуш, баха буьсу иллин дашца, цу дешан х1ора а озаца билгал а болу. Хан йог1у цкъа керлачу т1аьхьено «яздан ницкъ боллушехь, ца яздеш дисна» дош а, «лаамзий, лаамций поэт лелла некъаш» а билгалдохуш. Оцу шен дашехь х1ора а керлачу чкъуре шен хенан а, шен вахаран а къайленаш лехийта ницкъ кхочушверг воккха поэт ву. Вай тахана вовшахкхетта нохчийн хьакъволу поэт-лирик, яздархо, Теркан илланча Мамкхин Шамсуддин к1ант 1арби дагалаца. Йоккха сирла лар йитина цо шел т1аьхьа дуьненчохь яха. 1арбин доццачу дахарехь, йоккха меттиг д1алоцу цуьнан кхолларалло нохчийн литературин дахарехь. Тахана вайца иза вацахь а, йицлуш яц я йиц а лур яц цуьнан ц1е. Цуьнан говзарш, т1екхуьу чкъор иманехь хила, Даймохк, 1алам деза, безам ларбан 1амош, кхин а б1еннаш шерашкахь ехар ю адамийн дахарехь…
Бадашева Марьям: Де дика дойла, шу массеран а. Оха,11-чу классан дешархоша, сацам бина т1еийцира: тхайн дукхаезачу вайн литературан диллина хьехарсахьт д1адахьа. Вайн къоман хестон дика к1ентий дуккха а хилла, х1инца а бу. Тахана вай дагалоцур ву вайна юкъахь воцу, амма вайн дегнащкахь веха нохчийн къоман Теркйистера илланча Мамакаев Шамсуддин к1ант, Мамакаев Эду-хьаьжин да 1арби.
( дешархоша йовзуьйту шайн тобанаш : «Ирс», «Беркат», «Барт»; цхьаьне девиз а олу)
МАМАКАЕВ IАЬРБИ (1918-1958)
Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. 1940 – 1950 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь цIеяххана поэт-лирик вара иза. Амма цо прозехь а, драматургехь а язйина мехала произведенеш. Иза автор ву дийцарийн, очеркийн, повестан, пьесийн.
Мамакаев Iаьрби вина 1918-чу шеран 2-чу декабрехь Теркайистерчу Лаха-Неврехь халкъан хьехархочун Шамсуддинан доьзалехь. Iаьрбин да Шамсуддин дикка дешна хилла. Цо чекхъяьккхина Соьлжа-ГIалара ламанхойн школа, цул тIаьхьа Тифлисехь хьехархойн семинари а. ШамсуддингIеран хIусамехь дуккха а книгаш хилла. Жимчохь Iемина Iаьрбина деша а, яздан а. Берахь дуьйна книгашца уьйр йолуш кхиъна кIант.
Россера схьабеанчу революцин боламо юкъаозийна Iаьрбин да Шамсуддин. Хьуьнар долуш стаг хилла иза. Пачхьалкхан жоьпаллин декхарш кхочушдеш, Теркан округан чрезвычайни комиссар лаьттина иза. Граждански тIамехь партизанийн тобанан коьртехь а волуш, бIаьхаллин хьуьнарш гайтина цо. Амма 1921-чу шарахь, тешнабехкаца кIело а йина, вийна Шамсуддин а, цуьнан ваша Юсуп а. Царах лаьцна Iаьрбис тIаьхьа яздийр ду шен поэтически произведенешкахь «21-чу шеран 13 сентябрь«, «Ден коша тIехь«, «Партизанийн илли» и. дI. кх.
Жимчохь да воцуш висна Iаьрби. ВорхI шо кхаьчна волуш иза шен девашас деша дIавелла Серноводскерчу берийн дешаран шахьаре (Серноводский детучгородок). Цигара ваьлча, Соьлжа-ГIала Шерипов Асланбека цIарах йолчу педагогически рабфаке деша вахна. Рабфакехь цуьнца доьшуш хиллачара дийцина, Iаьрби дика доьшуш, хаза гIиллакхаш долуш, эхь-бехке вара бохуш. Литературица, поэзица марзо йолуш хилла Iаьрби жимчохь дуьйна а. Хьалххе волавелла иза стихаш язъян а.
Мамакаев Iаьрбин литературе йолу шовкъаш, цуьнан поэтически похIма дарехь гучудаьлла рабфакехь доьшучу хенахь. Цо дукха йоьшуш хилла оьрсийн а, нохчийн а яздархойн произведенеш. Исбаьхьаллин литературех кхуьуш, ша а стихаш язъян Iемаш хилла Iаьрби. Дуьххьарлера цуьнан стихаш рабфакан пенан зорбанехь арайийлина, цул тIаьхьа зорба тоха йолийна «Серло» газета тIехь а.
Iаьрбис стихаш хала ца язйора олура цуьнца дешначара. Цкъа каникулашна цIа ваха ша аравьлча, шаьш чохь Iачу цIенойн пенаш тIе язбинера Iаьрбис хIетта шена дагаеанчу стихан цхьа могIа: «ХIинца латта шайна, букура баракаш» аьлла. Иштта цIеххьана стихаш язъяр кест-кестта хуьлура Iаьрбин бохуш, дуьйцу цара. Iаьрбис юьхьанца язъен стихаш башха даккхий хIуманаш ойбуш а ца хилла, кегий а йолуш, еша а, кхета а атта хилла.
Мамакаев Iаьрбин поэтически кхолларалла дIайолаелла лору 1934-чу шарахь «Кхиам» цIе йолчу литературно-исбаьхьаллин альманаха тIехь «Рабфак» боху стихотворени зорбатохарца. ХIетахь араевлла цуьнан «1-ра май», «Хорбаз», кхийолу стихотворенеш а.
1936-чу шарахь чекхъяьккхира Iаьрбис рабфак. «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетан редакце балха хьажийра иза. Адамаш, юкъараллин дахар довзарехь, литературни корматалла кхиарехь пайдехьа хилира газетехь болх бар. Хаддаза болх бора Iаьрбис шен исбаьхьаллин говзалла лакхаяккхарехь. 1938-чу шарахь драматургийн курсаш чекхйоху цо. Кхиамца болх бо Iаьрбис литературехь. Кест-кестта арайовлу керла стихаш газетийн агIонаш тIехь, радиохь хеза цуьнан стихаш тIехь яьхна эшарш. 1934-чу шарахь яздархойн Союзе дIаоьцу иза. Шен тоьлашха йолчу произведенешна Iаьрбис зорба туьйхира 1940-чу шарахь араяьллачу «Теркан тулгIе» цIе йолчу книги тIехь. Поэтан кхоллараллин корматалла кхоччуш кхиина хилар гайтира оцу книги тIерачу произведенеша. Царна юкъахь яра «АслагIий, Селехьаттий» цIе йолу поэма. Иза поэтан кхоллараллехь мехала произведени хилла ца Iаш, нохчийн эпически поэзи кхиарехь а керла тIегIа хилла дIахIоьттира. ТIаьхьо мелла а хийцамаш а бина, «Нохчийн лаьмнашкахь» цIе тиллира оцу поэмина автора.
1940-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн яздархойн союзан правленин жоьпаллин секретарь хIоттаво Мамакаев Iаьрби. Къоман литература кхиаран чIогIа терго йора цо, кхоллараллин похIма долу кегийрхой лохуш, литературни гонашна уьш юкъаозош, царна гIо деш вара поэт.
Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабеллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна Мамакаев Iаьрбин поэтически дош мостагI хIаллакваран, Даймохк фашистех паргIатбаккхаран ойла адамийн дегнашкахь кхиош дара. «Дерриге а – тIамна», «Дозанхочуьнга кехат», «Шотошка», «ТIамна кайолийла», «Чевнаш хиллачу капитане» цIерш йолу стихотворенеш къоман дикачу кIентийн майралла гойтуш, церан сий айдеш, мостагIчунна тIехь толам боккхург хилар чIагIдеш яра. ТIеман хенахь язйина Мамакаев Iаьрбис «Турпалчу танкистан доьзал» цIе йолу очерк. Йист йоцу майралла гайтинчу Мазаев Маташах лаьцна ю и очерк. Буьрсачу тIамехь турпалаллица мостагIех лиэташ, чевнаш хилла, госпиталехь Iуьллучу капитанан Мазаев Маташан ден-ненан къонахаллин дог-ойла гайтина шен очерк тIехь автора.
Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театран сцени тIехь 1941-1942-чу шерашкахь хIиттийна Мамакаев Iаьрбин «ОьгIазалла», «Разведка» цIерш йолу пьесаш. Даймехкан тIом лаьттинчу шерашкахь язйинчу оцу пьесийн тексташ яйна, хIинца а карош яц.
Лаккхара исбаьхьаллин мехалла ю «Винчу юьрта» цIе йолчу повестан. Говза исбаьхьаллин сурт хIоттош, язйина и повесть нохчийн литературехь дикачарах ю хIинца а.
Сталински таIзар лаьттинчу хенахь банний бехк боцуш лаьцна, чувоьллина ехха хан яьккхина Мамакаев Iаьрбис. Юха цIа вирзинчул тIаьхьа 1957-чу шарахь дуьйна иза вара Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзан правленехь консультант.
Цунна тIехь хIетахьлерчу Iедало латтийнчу харцонаша, дахаран халонаша талхийнера Мамакаев Iаьрбин могашалла. Иза цIеххьана кхелхина 1958-чу шеран 26-чу августехь Мескетахь, яздархо Айдамиров Абузар волчу хьошалгIа ваханчохь.
Мамакаев Iаьрбин поэзин орамаш къоман дахарх дара. Халкъан ойланаш, сатийсамаш, адамийн хазахетарш, церан деган Iийжамаш бу поэтан произведенийн чулацамехь берш.
Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь тайп-тайпанчу жанрашкахь йолу произведенеш ю: лирически миниатюраш, сюжет йолу яккхий стихотворенеш, поэмаш, дийцарш, повесть, очерк, пьесаш. Делахь а поэтан кхолларалла коьрта долчу декъана лирически жанрашкахь кхиъна. Цуьнан дуккха а стихотворенеш эшаршка ерзийна.
Шуьйра чулацам болуш ю Мамакаев Iаьрбин поэзи. Дахаран дуккха а агIонийн ойла йо поэта: даймохк, даймехкан Iаламан исбаьхьалла, стеган вахаран Iалашо («Кавказан латта», «Сайн кIанте», «Сарахь Теркан тогIехь»,«БIаьстенан Iуьйре», «Шуьйта»); къинхьегаман адамашна паргIато кхайкхор («Терк», «ЦIен седа»); паргIатчу дахарехьа къийсам латтийнчеран сийдеш, замано хьалха хIиттош долу декхарш кхочушдар («Ден коша тIехь», «Партизанийн илли», «1921-чу шеран 13 сентябрь», «Вайн дайша буьйсанаш. »); дог цIена, оьзда безам, тешаме доттагIалла (« ЙоIе», «Айза», «Нохчийн лаьмнашкахь»); юкъараллин дахарехь поэтан декхарш а, поэзин меттиг а («Даге»). МостагIех Даймохк паргIатбаккхаран, къоман паргIато Iалашъяран ойла чIагIъеш яра Сийлахь-боккха Даймехкан тIом лаьттинчу хенахь Мамакаев Iаьрбис язйина произведенеш («ДоттагI гIароллехь», «Дерриге тIамна», «Даймехкан тIом бечохь», «Чевнаш хиллачу капитане», «Турпалчу танкистан доьзал»). Поэта шен кхолларалла, исбаьхьаллин ницкъ Даймехкан хьашташка, адамийн синпаргIатоне хьажийнера: «Алкханчах ека хьо, Синошна там луш, Лозунгах кхайкха хьо, Дегнашна ницкъ луш!», – боху цо шен поэзига.
Мамакаев Iаьрбин ерриг кхоллараллех чекхболу шен даймахках, къомах болу дегалазам. Даймехкан дуьхьа вехаш ву поэтан лирически турпалхо. Цуьнан ойланаш даим а даймахках хьерчаш ю, ша вина мохк, даймехкан Iалам, цуьнан адамаш хьоме ду цунна. Стеган мехалла цо махкана, халкъана дечу гIуллакхашца билгалйолуш хилар чIагIдо поэта. «Сан дог, хьо деттало къахьоьгуш халкъана»,– иштта ю поэтан лирически турпалхочун вахаран Iалашо. «Сайн кIанте» цIе йолчу стихотворенехь къеггина го и ойла. Даймехкан дуьхьа, халкъан дуьхьа вахар, шен хаарш, хьуьнарш, дерриге шен дахар халкъана, хьомечу махкана дIалуш хилар лору цо стеган сийлалла. Халкъан лазамашца, цуьнан хазахетаршца вехаш хиларх йоллу стеган оьздангалла:
Хьайн мехкан, хьайн халкъан
Ирс дебна аьлла,
Догдика хиллачу
Сирлачу дийнахь,
Дуьненах воккхавеш,
Самалха даьлла
Хьо велахь, къонахчун
Дог ду хьан кийрахь!
Адамийн хьашташка ладугIуш, нехан баланаш, гIайгIанаш юххера тIеоьцуш верг лору халкъалахь къонах, боху поэта
Шен Даймохк йист йоцуш дукхабезаш волчу лирически турпалхочун васт хIутту вайна хьалха «Кавказан Латта» цIе йолчу стихотворенехь а. Еххачу хенахь даймахках хьегначу, хIинца цуьнан исбаьхьаллех, аьхналлех марзо оьцуш волчу лирически турпалхочун дог-ойла гойту стихотворенехь. Цуьнан ойланаш, лаамаш сатийсамаш даймахках хьерчаш бу, цуьнца бен хила тарлуш дац ирс а я сапаргIат вахар а. Iожаллин сахьт тIехIоьттича а, даймахках къаьстина хилар ца деза цунна:
Ирс долуш хилла вац
уьйрех дIатилча,
Даймахках ваьллачун
дог хуьлу ирча,
Векхалой хилац стаг
сахьийзош вахахь;
Цундела лаьар-кха,
Iожалла ягIахь,
Сайн каш а
хьан лаьттахь
хуьлийла, дагIахь!
Iаламат говза далийна поэто кхузахь и тIаьххьара долу «дагIахь» боху дош. Оцу дашца, иза шен меттахь далорца, цунна хьалха ялийнчу соцунгIийца шен лирически турпалхочун амалех, цуьнан оьздангаллех дерг говза билгалдаьккхина автора. Цуьнан шен Даймахке болу боккха лерам го вайна кхузахь. Махко, халкъо шен кIант лоруш тIеэцар йоккха сийлалла хета цунна. ХIинццалц схьа даймехкан дуьхьа ша динарг а, кхидIа вахаран некъ кхачабаллалц, шен дан ницкъ кхочуберг а кIезиг хета цунна оцу сийлаллица дуьстича.
Исбаьхьчу поэтически дашца гойту Мамакаев Iаьрбис даймахке болу безам. «Ва Кавказ, сан марзо, сан серло, безам»; «Беркатан, майраллин, хазаллин латта»; «Поэзин, музыкин хьостанан латта»; «Сан син аз, бIаьргийн нур – Кавказ». И ерриг а исбаьхьа эпитеташ хьаналчу кIентан шен даймахкаца йолу юкъаметтигаш билгалйохуш ю.
Вайн адамийн лаккхара патриотизм гойтуш яра Мамакаев Iаьрбис Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болчу хенахь язйина произведенеш. ТIом болабалале хьалхарчу муьрехь дуьйна а тIеман хьу хаалуш яра. Оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а литературашкахь санна, нохчийн литературехь а алсамйовлура тIеман тематика йолу произведенеш. Поэтийн стихашкахь буьрса суьрташ хIуьттура, тIеман гIовгIа хезаш санна, хеталора. Царах яра Мамакаев Iаьрбин «ДоттагI гIароллехь», «Хьо эскаре воьду» стихотворенеш а. ТIеман кхерам гергабеана хилар билгалдоккхуш, фашизмана ондда дуьхьало ян езар гойту дукхахболчу яздархойн произведенеша. Граждански тIамехь халкъо майралла гайтар карладоккхуш, къаьмнашна юккъехь доттагIалла чIагIдеш йолу темаш а ойбура яздархоша. «Винчу юьрта» цIе йолчу повесть тIехь Мамакаев Iаьрбис гайтина граждански тIом болчу хенахь нохчийн, гIалагIазкхийн къехой цхьабарт болуш кIайчу эскарна дуьхьал бовлар. Йоккхачу исбаьхьаллица яздо автора нохчочун Айдамарний, гIалгIазкхийчун Ларкиний юккъерчу доттагIаллех лаьцна. Автора къеггина билгаляьккхина турпалхойн къонахалла, майралла, шайн са ца кхоош, юьртана тIебогIучу бохамна церан дуьхьалбовлар. Нохчийн юьртан маршо ларъеш, шайн дахар дIало цара.
ТIом болабеллачу шарахь зорбанера араяьлла «Винчу юьрта» цIе йолу повесть къаьмнашна юкъара доттагIалла чIагIдарехь, даймахке безам кхиорехь, иза Iалашбан ойла чIагIъярехь мехала яра.
Гитлеровски Германи вайн Даймахкана тешнабехкаца тIелеттачу хьалхарчу деношкахь дуьйна литературин коьрта тема хилла дIахIоьттира мостагI хIаллакваран, даймохк фашистски йовсарех Iалашбаран тема. Яздархойн ерриге а произведенеш оцу Iалашоне хьажийна яра. Къаьсттина сиха араевлира поэтически произведенеш. ТIом болабеллачу деношкахь газетийн агIонашна тIехь зорба туьйхира стихаш. Царна тIехь поэташа Iорайохура мостагIийн ямарт Iалашонаш, гойтура фашизман ма-ярра йолу амалш, дерриге а адамашка тIамна ондда дуьхьало яре кхойкхура. Иштта яра Мамакаев Iаьрбис язйина «Дерриге а тIамна» цIе йолу стихотворени а. Дукхахьолахь кхайкхаман хормехь яра тIеман тематика йолу дуьххьарлера стихаш. Поэтийн исбаьхьаллин дош, дерриге а бохург санна, халкъе беш болу кхайкхам бара. Оцу кхайкхаман маьIна «мехкан сий лардан», мостагI эшаван адамийн ойла гIаттош дара. Иза къеггина гучудолу «Дерриге а тIамна» цIе йолчу Мамакаев Iаьрбин стихотворенехь.
Стеган сий, оьздангалла, гIиллакх, ерриг цуьнан дика амалш стаг шен даймахкана муьтIахь хиларца билгалйовлу. Даймехкан тIаме хIоттар йоккха сийлала ю къонахчунна. Халкъан дикачу кIентийн къонахалла, майралла билгалъяьккхира Мамакаев Iаьрбис шен стихотворенешкахь. ТIом буьрса бара аьлла, даг тIе кхерам баийтар, мостагIчух озавалар сийсаза гIуллакх лору цуьнан лирически турпалхочо. Иза тешна ву, тIом мел хала белахь а, вайн толамца чекхбериг хиларх, хIунда аьлча вай ларбеш берг вешан Даймохк болу дела.
1941-гIа шо чекхдолуш, араелира «Капитан Маташ Мазаев» цIе а йолуш книга. Цу тIехь вайн махкахочун Маташ Мазаевн бIаьхаллин хьуьнарш дуьйцуш йолчу «Правда» газета тIера схьаэцначу материалашца цхьаьна зорба тоьхна яра Мамакаев Iаьрбин «Турпалчу танкистан доьзал» очерк а, «Чевнаш хиллачу капитане» стихотворени а.
«Турпалчу танкистан доьзал» цIе йолчу очерк тIехь Мамакаев Iаьрбис гайтина шайн кIант тIамехь волчу ден-ненан дог-ойла. Буьрсачу тIамехь мостагIчух леташ чевнаш йина кIантана аьлла, хезначу Мазаев Маташан дас кхузткъе итт шо долчу Хьамзатхана боху: «Хьовсал шу… шен бер-м массарна а дукхадеза. ХIинца кхаанхьа чов а хилла Iуьллуш ву-кх сан кIант. Цунах нанна а, дена а къа а-м хета. Вуьшта, тхо вовший ма гойла-кх дагахь ма дарра ас шуьга ца бахахь, цо иштта майра тIом бина аьлла, хезча, тIамехь иза даймахкана хьалха юьхькIайчу хIоьттина аьлла хезча, цунна чевнаш хилар суна диц ца деллехьара. ТIамехь чов а йо, вен а воь, амма тIамехь кхеравалар ду уггаре а вониг. Шера хаьа суна, сайн кIант ша товелла воллушехь, юха а тIаме дIагIур вуйла. Иза цига ца вахча, со реза а хир вацара. ХIара вайца схьаболийна тIом болийнчун коьртах бахийта беза…»
Даймехкан бахам алсамбоккхуш, адамаша тылехь чIогIа къахьегар билгалдоккху очерка тIехь. Юьртахоша, ницкъ ца кхоош, болх бо, юьртбахаман сурсаташ кхиош. Зударий тIаме баханчу божарийн меттана балха дIахIуьттуш бу. Адам дика кхета шайн хьанал къинхьегам цкъа а ца эшначу тайпана даймахкана хIинца оьшуш хиларх.
Даймахке безам кхиош, хьаналчу къинхьегамца а, бIаьхаллин хьуьнаршца а иза мостагIчух Iалашбан адамийн дегнаш ир-кара хIиттош хилла поэтан исбаьхьаллин дош.
Цу тайпана, Мамакаев Iаьрбин тIеман хенахьлера произведенеш «ДоттагI гIароллехь», «Хьо эскаре воьду», «Дерриге а тIамна», «Даймехкан тIом бечохь», «Чевнаш хиллачу капитане», «ТIамна кайолийла» боху стихотворенеш, «Турпалчу танкистан доьзал» цIе йолу очерк мостагIчунна тIехь толамбаккхаран ойла чIагIъеш хилла.
Шуьйра тематика йолчу Мамакаев Iаьрбин лирикехь коьртаниг, хаддаза поэта юх-юха а гойтург – даймохк, даймехкан Iалам, адамийн сирла ойланаш ю.
Мамакаев Iаьрбин лирика дог делош, ойла серлайоккхуш ю. Цуьнан лирически произведенийн коьрта башхалла ю уьш цIеначу маттаца язйина хилар, хIоранна а даг чу кхочуш долу исбаьхьаллин суьрташ, васташ царна тIехь кхоллар, къоман дахарехь, адамийн ойланехь дерг хьакъйоллучу исбаьхьаллин кепа а дерзийна схьагайтина хилар.
Оьзда гIиллакхаш, дог цIена безам, тешаме доттагIалла, халкъан беркате ламасташ го вайна поэтан лирикехь. Кегийрхошна юкъара, хьаьана шовда санна, цIена безам гайтина шен лирикехь поэта. Безаман лирикехь къаьсттина мехала ю «ЙоIе» («IиндагIаш дахделла акхтаргийн диттийн») цIе йолу стихотворени. Хьаналчу безаман сирла синхаамаш бу оцу стихотворенехь. Исбаьхьаллица кхоьллина ю иза. Кхузахь яц чолхе инверсеш а, маьIна хьулдеш йолу метафораш а я цхьа эпитет а, амма лаккхара поэзи ю.
Мамакаев Iаьрбин стихаш дукха атта кхоьллина хета, поэта башха къа а ца хьоьгуш, шашаха цунна дагаяьхкича санна, хетало. Амма иза царна тIехь дукха къахьегна хиларан билгало ю. Ненан меттан хазни юккъера шена оьшуш доллу дош схьа а лохуш, шен поэтически ойла гучуяккхархьама, иза хила деззачу метте дIанисдина автора. Цо керла дешнаш ца кхоьллина я дешнийн керла форманаш ца яьхна, меттан синтаксис ца талхийна. Стихийн куц хаздан гIерташ «исбаьхьаллин гIирсаш» тIе-кIел а ца боьттина. Къаьсттина гуш ду, нохчийн мотт шен йоцчу кепа нисбан а ца гIерташ, цуьнан бакъенаш ларйина хилар.
Адамийн дахарехь поэзин хIун маьIна ду? ХIунда оьшуш ю иза? Муха хила еза и? Поэтана хьалха хIун декхарш лаьтта? Муха меттиг лаца еза цо дахарехь? Ша нийса вехий-техьа, ша ала дезарг аьллий-техьа, дан дезарг диний-техьа? Иштта хаттарш хIуьтту муьлххачу а воккхачу поэтана хьалха. Оцу хаттарш тIехь ойла еш язйича санна, хета Мамакаев Iаьрбин «Даге» цIе йолу стихотворени.
Авторан монологах лаьтташ ю «Даге» стихотворени. Иза язйина 1957 шарахь. Цул тIаьхьа цхьана шарахь а ца ваьхна поэт. Сталински лагершкахь, сибрехахь лайначу халонаша хьалхе хадийна цуьнан дахаран некъ, цIеххьана кхелхина Мамакаев Iаьрби.
Шовзткъа шаренга валаза волчу поэта, шен Iожалла герга юйла хууш санна, яздо:
Суьйренга лестина
сан шерийн йорта,
Дог, шек ма далалахь,
хьалхе ду алий;
Йисинчу хьайн ханна
гIоза а далий,
ЙогIучу суьйренан
беркат а ларий,
Iуьйренна ца динарг
дан кхиа гIорта,
Кхетаммий,
безаммий
хилийта шорта.
Шен даге дечу къамелан кепехь язйина автора стихотворени. Цо ойлайо шен дIадаханчу дахаран, ша яздинчун хьокъехь, яздан таро йоцуш дисна, кийрахь шена Iеткъаш лаьттинчеран хьокъехь. МаьIна шуьйра долуш ю стихотворени. Цу тIехь авторо ойлайо, дахарехь мухачу лехамашца хила еза поэзи, хIун декхарш кхочушдан деза поэто, дуьнене хьежамаш муха хила беза цуьнан, нахаца йолу юкъаметтигаш, уьйраш муха хила еза, шегара хIун амалш гайта еза цо.
Автора чIагIдо, муьлххачу а хьелашкахь хилча а, поэт нийсонна тIера ца волуш, бакъдерг нахе дIакхачош, цIенчу, беркатечу ойланашца вехаш а, яздеш а хила везар. Халкъан ойланашца детталуш хила деза поэтан дог. «Сохьтан сий ца лоьхуш, халкъана язде», – боху цо. Къоман дахарехь хилларг, долуш дерг, хиндерг дийцар, осалалла, кIезгалла сийсазъяр, тайнадерг, оьзданиг сийлахь деш, чIагIдар лору автора поэтан декхар.
Юьххьера дуьйна ерриг а стихотворенех чекхйолу халкъана, махкана хьанал хиларан ойла. Оцу ойланца ерза а йо автора шен стихотворении.
Мамакаев Iаьрбин 1940-чу шарахь араяьллачу «Теркан тулгIе» поэтически сборник тIехь зорба тоьхна яра «АслагIий, Селехьаттий» цIе йолу йоккха поэма. 1939-чу шарахь язйина йолу и поэма поэтан кхоллараллехь йоккха меттиг дIалаьцна ца Iаш, нохчийн эпически поэзи кхиарехь а керла тIегIа хилла дIахIоьттина. 1958-чу шарахь автора, кIеззиг хийцамаш беш то а йина, керла цIе а тиллина, арахецна шен поэма. ХIетахь дуьйна вайн литературехь «Нохчийн лаьмнашкахь» бохучу цIарца евзаш ю и произведени.
Мамакаев Iаьрбин поэтически корматалла къеггина гучуйолу оцу поэми тIехь. Ша гайтина йолу дахаран материал кIорггерчу исбаьхьаллин кепехь листина поэта. «Нохчийн лаьмнашкахь» поэмин идейно-тематически чулацам шуьйра бу. ЧIиръекхаран Iадатан тIаьхье, дог цIена безам а, тешаме доттагIалла а, обаргаллин гIуллакхаш, къехоша паччахьан Iедалан тIеIаткъам лайна хилар. Нохчийн Iер-дахаран дуккха а исбаьхьаллин суьрташ кхоьллина автора. Iаламат хаза гайтина къоман гIиллакхаш, даймехкан Iалам.
«Нохчийн лаьмнашкахь» поэма лиро-эпически произведени ю. Поэми тIехь хIиттина теманаш эпически а, лирически а кепехь къастайо автора. Поэмин эпически агIо билгалйолу коьрта долчунна цуьнан сюжет ардаме хиларца, эпически гIирсашца дехкина АслагIин, Селехьатан, ШахIидан васташ. Шуьйра гайтина адамийн Iер-дахар, лерина дуьйцу къоман оьздачу гIиллакхех, боккхачу безамца яздо нохчийн ярташкарчу дахаран суьртех. Оцу дерригено а гIо до поэми тIехь нохчийн халкъан ХIХ бIешарахьлера дахар эпически шуьйра гайта.
Къеггина билгалйолу поэми тIехь цуьнан лирически агIо а. Ерриг а поэма ю шеца лирически а, эпически а билгалонаш йоккхачу исбаьхьаллица цхьаьнаийна.
Поэма шеца йолалуш долу хьалхара дош а, иза чекхъяьлча, далийна тIаьхьара дош а авторера ду. Кхузахь вайна хьалхахIутту шен халкъ а, Даймохк а безаш, царах дог а лозуш волчу оьздачу лирически турпалхочун васт. Поэмин сюжетана юьстах а вуьйлуш, философски ойланаш йо автора дахаран гIуллакхех лаьцна, шен турпалхошка йолу шовкъаш гучуйоху, даймехкан Iаламан хазаллех цецвуьйлу. Дуккха а долчу лирически юьстахвийларшкахь поэта дахарх, безамах, доттагIаллех, валарх-висарх еш йолчу ойланаша гIо до поэмин хиламех кIорггара кхета.
Поэмин кхечу васташна юккъехь билгалдолу авторан васт. Хьалхарчу дашехь поэма йоьшуш волчуьнга къамел до автора шен поэмин чулацамах лаьцна, цунах дагаволуш санна; ойланашка вахана ву иза. Хьехамаш бар доцуш, дагаваларан хьесапехь схьадуьйцу цо шена ала лууш дерг. Поэма йолалушшехь юххера гергарло тосу цо иза йоьшуш волчуьнца а, шен поэмин турпалхошца а. И гергарло кIеда-мерза дIа а хьо, поэма чекхъяллалц. АслагIин накъост ву автор. Цунна Iеткъа АслагIас балахьегар, иза Iалашван, кIелхьарваккха ойла лаьтта цуьнан. Набкхетта Iуьллучу АслагIина чIирхо тIекхочуш, са ца тохаделлачу авторан даг чуьра аз долу:
Ма гIерта, ма гIертахьа
Цунна герга, витахьа,
Къона пекъар ву иза,
Къуоналлех ирс эцаза,
Шен паргIато йовзаза.
Дакъазаяьллачу Селехьатах дог лозуш, къинхетамечу дешнашца вистхуьлу цуьнга автор. Шен накъостех хаьдда, ша висинчу ШахIиде беана бала байбан гIерта автор, цуьнан дог оьцуш ву иза.
Поэмин лирически билгалонаша цуьнан эпически чулацам кIаргбо, идейни маьIнах кхета гIо до. Поэми тIехь шуьйра гайтина халкъан дахар, кхоьллина хьуьнаречу турпалхойн васташ, дехкина исбаьхьчу Iаламан суьрташ. И дерриге а эпически хIуманаш поэта гайтина шен дагчухула чекхдовлуш санна, деган йовхо царна дIаелла цо. Цундела поэми тIера хIора васт шеца эпически а, лирически а билгалонаш цхьанаийна ду.
Чолхе инверсеш а, маьIна сов хуьйцуш далийна дешнаш а доцуш, кхета атта а, шера ешалуш а ю поэмин стих. Цу тIера цхьайолу стихаш халкъан эшарш хилла дIахIиттина (масала, «Мерза маршалла ду массаьрга», хIинца а езаш, лоькхуш йолу).
Дактилан барамехь язйина ю поэма. Иза строфашка екъна ю, хIор строфа 8 стихах лаьтта. Рифмовка жIарийн хьесапехь а (перекрестная), юххера а (смежная) ю.
Меттан поэтически гIирсех: метафорах, эпитетах, дустарх говза говза пайдаэцна поэта. Турпалхойн дог-ойла бакъонца гайтар, хуьлуш долчун сурт исбаьхьаллица хIоттор кхочушдо цара. Мамакаевс шайх пайдаоьцуш болу берриге а исбаьхьаллин гIирсаш поэмин коьрта идея кхочушъярна тIехьажийна бу.
«Нохчийн лаьмнашкахь» поэма Мамакаев Iаьрбис язйинчу хенахь, исбаьхьаллин башхаллашца цуьнга кхочуш йоккха лиро-эпически произведени яцара нохчийн литературехь.
Мамакаев Iаьрбин кхоллараллех лаьцначу шен цхьана статья тIехь кхечу нохчийн воккхачу яздархочо Мамакаев Мохьмада яздина: «Мамакаев Iаьрбис шен кхоллам нохчийн литературех къасталур боцуш дIабоьзна, иза Нохч-ГIалгIайчохь уггар дукхабезаш болчу поэтех ву». АхбIе шо сов хан ю и могIанаш яздина. ХIетахь дуьйна схьа нохчийн литературехь говзачу поэтийн а, яздархойн а дуккха а керла цIерш гучуевлла. Хьалха дуьйна цIеяххана болчу а, керла тIекхиъначу а поэташа язйинчу дикачу произведенешца кхуьуш, алсамъяьлла нохчийн поэзин исбаьхьаллин хазна. Амма тахана а ю нахана дукха езачарна юкъахь Мамакаев Iаьрбин произведенеш.
ПРОИЗВЕДЕНЕШ
СТАТЬЯШ, РЕЦЕНЗЕШ
Нохчийн литературан истории хьокъехь. Статья // Ленинан некъ. 1958. 5 янв.